НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕННА ЛЕРИНА
04.09.2019НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕННА ЛЕРИНА: Ляля Насуханова - нохчийн исторехь дуьххьарлера летчица, парашютистка, иштта массарна а евзаш йолу юкъараллин г1уллакххо.Иза нохчийн дуьххьарлера летчица хилла, цо ша дечу г1уллакхца массарна а хаийтина, вайн къоман мехкаршна ч1ог1а сийлахь а хеташ, лардина вайн г1иллакхаш, алсамдохуш, шайна дезаш а, хазахеташ хилла долу муьлхха а г1уллакх кхочушдалург хилар.
Ляля Насуханова йина 1939-чу шарахь Йоккхачу Атаг1ахь.1950-г1а шераш долалуш къайллах дех-ненах а лачкъийна, Алма-Ата парашютистийн кружоке д1а а язъелла, цу спортехь къахьега йолало. Цигахь летчица хила еза ша аьлла ,лаам кхоллало цуьнан.И шен сатийсам дега а, нене а хаийта кхоьрура иза, х1унда аьлча вайн къоман 1адаташца дог1уш дацара иза, цхьаммо а магор долуш дацара цо къастийнарг. Цу заманахь зударий наггахь бен ца кхочура авиаце, нохчийн зуда муххале а, кхузахь дагахь доццург нисделлера.Делахь а, цуьнан лаамах кхета хала дац, х1унда аьлча цунна дуьххьара т1емаш т1ехь нохчийчу яха лаьара, цул т1аьхьа кеманан штурвал схьа а лаьцна, х1аваэхь хьийза, шена дезачу лаьмнашка б1аьрг тоха.Д1адаханчу б1ешеран 60-чу шерашкахь: Дагестанийн командица цхьаьна къоначу спортсменкин кхиамаш д1абуьйлало. Ростов г1алахь Россин къилба зонан къовсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхина, чемпион яьлча, хьалхарчу даржан диплом ло цунна.Цул т1аьхьа Москвахь СССР зударшна юкъахь хиллачу кеманан спортан къовсадаларехь кхиамаш боху цо 3-г1а меттиг яккхарца.Говзаллин 20 комбинацехьлаккхара пилотажан 27 фигура гайтарна Борзан мидал елла Насуханова Лялина. Ткъе кхаа шарахь авиацехь болх бина Ляляс.Цо хаийтина кху заманан кеманаш т1ехь болх бан, зударийн а бакъо хиларх. Цо сатуьйсура космонавтин тобанах д1акхета, шен хаарш а, кечам а цо массарна а гайтинера. Амма вай махках даьхна хиларна а, иза нохчо хиларо а дуьхьало йора цунна. Х1унда аьлча цу тобанна юкъаяха ЦК партис бина леррина сацам оьшура. Ц1еххьана хеда Лялин дахар, цу хенахь цуьнан 61 шо дара. Даимна а вайн иэсехь яха йисна иза.Дала гечдойла цунна!