НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕННА ЛЕРИНА

08.09.2019

НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕННА ЛЕРИНА: Гиххойн Таймасха (Таймасха Гехинская, Тамасхан Молова) — нохчийн зуда, тӀемло, эскаран куьйгалхо, Кавказан тӀеман декъашхо. 

Цо 10 шарах оьрсийн паччахьан эскаран дуьхьала т1ом бина. 1840 шарахь цо дакъа лецира Валарг т1ехь хиллачу т1емт1ехь. 1842 шарахь иза оьрсийн эскаран кера яхара. Амма Николай I ц1е йолу паччахьо цунна совг1ат а делла иза ц1аяхийтира. Штабан куьйгалхо генерал-майор Коцебус яздира:«Взятая в плен с оружием в руках 15-го апреля 1842 года близ урочища Яндырки чеченская женщина Тамасхан Молова вытребована была по Высочайшему повелению в С. Петербург, по прибытии ее туда представлена была Государю Императору и удостоилась получить от Государыни Императрицы в подарок драгоценную золотую цепь, после того с разрешения Его Величества отправлена обратно на Кавказ с корнетом князем Дал Алхасовым с выдачею ей на путевые издержки 100 рублей серебром.Т1еман г1уллакхах дукха ч1ог1а кхеташ, т1аьхьах1иттина нах дика т1емалой болуш яра Гиххойн Таймасха. Божарийн духар дуьйхина цу т1ом бинчу зуда-т1емалочух лаьцна дуьйцуш, Гуьржийн Тифлис г1алахь пачхьалкхан музейн архивехь 1охкуш документаш ду.